1алашо: Дахар деллачу, нохчийн мотт 1амийначу, г1иллакхаш хьоьхучу Нанна хьалха массо а декхарийлахь хилар хаийтар. Хеназа бохамаш къежйинчу, къанйинчу Ненан сий дар, ларар,э шар.
Эпиграфаш. Ненан сурт.
«Доьзалан хьашташа
хеназа къежйина
Хьомсара шайн нана
йиц ма е боху цо...»
/М.Мамакаев/
Ведущий 1: Марша дог1ийла шу, наной, бераш! Ненан де даздан вовшахкхетта вай кху зала чохь.
Нана — цул мерза а, хаза а дош дац кху дуьненахь. Дуьнен т1ехь уггаре исбаьхьа дош ду и, дуьххьара дуьненчу даьллачу беро олу дош ду и. Массо а маттахь цхьабосса к1еда-мерза дека и дош.
Ведущий 2. Доьзалан корта да белахь а, оцу доьзалх жоп дала а, доьзал кхаба а, и доьзал кхион а, иза меца ца бита а, цу доьзалехь волуш волчу х1ора стагах стаг ван а, йо1ах йо1 ян а, шен доьзалан сий лардан а, яхь, сий, эхь-бехк, доьналла а х1ун ду кхето а, иза шен меттахь латто а, оцу долчу х1уманан дог нана ю.Ненан хьекъале хьаьжжина хуьлу оцу доьзалан хьекъал а, кхетам а.
Цундела, вуно деза а, сийлахь а ду доьзална нана бохург.
Дешархоша нанна лерина стихаш юьйцу.
Дешархо.
Цхьа башха бу ненан доьзале къинхетам,
Цунах цкъа къурд бинарг ирс долуш ву.
Буса наб ца ярах, ца хуьлуш дера,
Кхуьучу доьзалах хьо йоккхайора,
Хьайн лазам доьзалах ахь лечкъабора.
Аллах1ан кхолламна яра хьо къера.
Сан самуо йоцчуьнан тидам ахь бора
Дахарехь оьшучохь со кхетайора
Кхолламо човхийна, со йоьхна хилча
Эсалчу хьехаршца цатам байбора.
Хьан елакъажаро хаздора дуьне.
Эсала хьежаро дохдора сан дахар.
Ховхачу куьйгашца човхадой лазар,
Со хьуна уллехь бен хиллий-те ирсе ?!
Мерза бу ден - ненан доьзале безам
Цунах цкъа къурд бинарг ирс долуш ву.
Дешархо.
Дахарехь безам хьайн тхуна ца кхоийна,
Сирла хьайн г1айг1а тхох даима йина,
Халонаш, баланаш тхох ч1ог1а лачкъийна,
Дагайовхо, могашалла хьайн тхуна а лерина,
Хилла хьо Аллах1о векал а йина.
Яхалахь сий долу тхан хьоме Нана,
Хьайн хаза елар денна а тхуна луш,
Нур долу баьргаш хьайн тхоьга а хьежадеш
Ло санна к1айн долу оьзда хьайн куьйгашца,
Бераллехь санна тхо мара а къуьйлуш!
Мехкан а сий ду хьо,
Доьзалан ирс ду хьо
Тхан дегнийн той ду хьо
Хьомсара Нана!
Дешархоша хелхар до вайна.
Ведущий 1. Дуьненчу долу бер. Шен сил а дукха дезаш кхобу и нанас. Хийла наб йоцуш буьйса йоккху цо, хийла ага техкош, бераца цхьаьна наб кхетта, аганан г1аж буйнахь 1а иза.
Муьлхха а цамгар хьакхаелла берана сингаттам баьллехь, синтем бов ненан.
Кийра, беана бала сов баларна, батталуш хуьлу цуьнан. Тайп-тайпана ойланаш коьрте хьийзаш, г1айг1ане хуьлу нана ишттачохь.
Бер тоделча, дерриг дуьне шен долуш санна, екхаелла, елаелла хуьлу нана. Ма боккха бу-кх ненан шен бере болу безам! Делан лаам бу иза. Беран багах дуьххьара дош даьлча, дуьххьарлера ког цо баьккхича, багахь церг гучуяьлча, доккхачу дикане ша кхачарх тешна хуьлу иза.
Къа дац т1аккха ненан, бер доккха хилча, ненан ян ма-еззара цо терго еш ца хилча?
Х1инца оха шуна цхьадолчу бераша шайн наношна х1оттош долу сурт гойтур ду.
Дешархоша х1оттайо сценка «Дохкобовлар».
«Дохкобовлар»
- Салман, бепиг, шура эца г1охьа, - элира к1анте нанас.
- Уггар хазачу метте со кхоччушшехь олу-кх ахьа соьга цхьаъ де, - везверца вистхилира
к1ант,ша йоьшуш йолчу книгин цхьа аг1о схьа а карчош.
- Д1о ловзуш йолчу Саците алахьа, мама, - п1елг хьажийра цо йишина т1е.
Йо1е мохь туьйзира нанас:
- Сацита,бепиг, шура эца г1охьа.
- Цхьажимма ловзийтахьа со,мама! - дийхира Сацитас.
Нана х1умнаш йиттина а яьлла,берийн цхьацца т1еюхург тега чорхана хьалха хиънера.
Хаза г1ан а гина самаваьлча санна,хьалаиккхира Салман, ша ешна ваьлла книжка карара охьа а юьллуш.
Ловзуш шен даьллачу самукъанан хазахетар юьхь т1ехь а долуш,чуеара Сацита а.
- Мама, вайна юург ца йо ахь? - са ца тохалуш, хаттар дира йо1а.Салманан б1аьргаш чохь изза хаттар дара.
- Ой, - тамаш баран сурт х1оттийра нанас,ша хьийзош йолчу чорхан болар кхин а сих а деш.
- Уггаре сан йиш йоцчу хенахь ма олу аша соьга,шаьш меца ду?
Шаьшшиъ бехке дуйла хиира цу шинна.Иза къинт1ера муха йоккхур яра техьа бохуш йолу ойла яра эхьо охьадахийтинчу кортошкахь хьийзаш.
Ц1еххьана д1алилхинчу бераша схьаийцира стоьлан йисттехь йолу к1айн сирдиллина
кхабий,цунна уллохь 1уьллу ахчий,т1оьрмиггий.
Хьехархо.
Делан Элчас-Делера салам маршалла хуьлда цунна-шозза хьахийна нана, ненаца дика хила олуш хьехар деш, кхозлаг1а деца а, ненаца а дика хила аьлла. Цо иштта аьлла: «Ялсамане ненан когаш к1елахь ю». Оцу хьадисаша гойту, доьзалхочун мел ч1ог1а хила беза ненаца болу лерам.
Хинца вай дешархоша нанна лерина илли олар ду
Хьехархо: Нана дуьненчохь йолчу хенахь вайна ца хаьа цуьнан мах. И д1аяьлча, шен догъэца нана йоцуш ша висча, хаьа стагана цуьнан хьал, т1аккха самаволу ишттаниг, т1аьхьа делахь а.
Гойту И. Хабаевн «Нана» видео.
Видео «Вигахьа, нана, со».
Х1инца дош берашка лур ду вай. Бераш наной декъалбан лууш ду.
Гойту видео-роликаш.
Чаккхе. А. Димаевн «Гой шуна, доттаг1ий» илли дека.
Хьехархо.
Вайн таханлера цхьаьнакхетар чекхдала гергадахана. Суна т1аьххьара ала луур дара, тхан хьоме наной, оха шу ц1енчу даггара декъалдо кху дезчу денца.
Дуьненахь шайн доьзалан вон а ца гуш, ирсе, беркате дехийла шу!
Бераш, шуьга ала дара сан х1ума, шайн наноша аьлларг делаш, терго елаш шайн нанойн. Шайн наной х1ора дийнахь хьасталаш, хазчу хабарца церан догэцалаш.
Школехь дика дешалаш.
Иштта суна баркалла ала луур дара вай долчу хьошалг1а баьхкинчу хьешашна. Дела реза хуьлда шуна тхо долчу дахкарна. Дахарехь ирс, аьтту, могашалла, балха т1ехь кхиамашт а хуьлийла шун!