6-г1а класс
Урокан ц1е: Билгалдешнаш терахьашца хийцадалар
Урокан 1алашо:
- 1аморан (обуч.) Дешархойн хаарш зер. 1амийнарг карладаккхар.
- Кхиоран (развив.) Хаа деза,билгалдешнийн терахьашца хийцадалар муха хуьлу, массо а билгалдош хийцалой терахьашца, стенах доьзна ду и. Дешархой кхето беза, йукъаметтигаллин билгалдешнаш терахьехь. Ц1ердашца уьйр йолуш цахиларх.
- Кхетам-кхиоран (воспит.) Даймахке болу безам к1аргбар.
Урокан г1ирс: компьютер, учебник, сурташ.
Урок д1айахьар
Ι. Догдаийтаран мур Белхан меттигаш кийча хилар таллар. Маршалла хаттар
Берийн ойла дешарна т1ейерзор (мотиваци йар).
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации йаран мур
- Ц1ахь бина болх таллар?
- Стенах олу билгалдош?
- Муха хуьлу билгалдешнаш?
Д1айазде лааме билгалдешнаш. Суффиксаш сизашца гайта:
Халкъаниг, майраниг, цхьогалниг, осалниг, йуьзнарг, к1органиг, онданиг, к1езганиг, мерзаниг, гондархьаниг ,декъазниг, чехканиг, дераниг, селханлераниг, ломарниг ,к1айниг, т1ерг1аниг, хьомсарниг, оьзданиг.
Лаамза - шен лаамехь доцуш; оьрсийн маттахь - несамостоятельное.
Лааме - шен лаамехь; оьрсийн маттахь - самостоятельное.
III. Керла коьчал йовзийтар
ΙV. Керла коьчал йовзийтар
Уьна а, тетрадаш т1ехь а д1айазйо х1ара кеп:
Билгалдешнаш |
Х1ун гойту цара |
Терахьашца хийцалой? |
Йоккха йурт |
Йоккхалла, лаамаза,мухаллин билгалдош |
Йаккхий йарташ |
Жима йо1 |
Жималла гойту, мухаллин билгалдош |
Кегий мехкарий |
Деха дег1 |
Локхалла гойту мухаллин билгалдош |
Деха дог1маш |
Ломара хьаша |
Йукъаметтигаллин билгалдош |
Ломара хьеший. |
Малхбузу ламаз |
Йукъаметтигаллин билгалдош |
Малхбузу ламазаш |
Чехканиг, декъазниг, гергарниг, воккханиг |
Лааме билгалдош |
Чехканаш, декъазнаш, гергарнаш, баккхийнаш |
- Стенга хьаьжжина хийцало билгалдешнаш терахьашца?
- Йоккхалий, жималлий, бараммий гойтуш долу лаамаза мухаллин билгалдешнаш муха хийцало терахьашца?
- Йукъаметтигаллин билгалдешнаш?
- Лааме билгалдешнаш деррриге а хийцалой терахьашца?
- Хьехархочун г1оьнца жам1 до билгалдешнийн терахьашца хийцадаларх лаьцна.
V. 1амийнарг т1еч1аг1дар
1. Кхочушдо 42-43-г1ий шардарш.
2.«Г1иллакхийн хазна» аьлла болх болор бу вай тахана, г1иллакхах лаьцна хьехамаш а, кицанаш а йаздеш:
- Мархийн бутт базбеш, марханаш кхабар,нагахь шен марха дацахь, нахана йуккъехь бага х1ума ца 1иттар.
- Воккханиг т1евог1уш кевне йа не1аре кхочуш велахь, жимчо воккханиг чувохуьйту.
- Кхо стаг д1авоьдуш,воккханиг йуккъехь а волуш,цул жиманиг аьрру аг1ор а волуш,уггаре жиманиг аьтту аг1ор а волуш хуьлу.
- Эрна дош цаалар, аьлла дош лардар.
- Дина кост а, дина весет а д1аалар.
- Хьайна хууш долу хаза г1иллакхаш нахана 1амор Далла хьалха деза ду.
- Шен къоман мотт ца безаш, цуьнан сий ца деш волу стаг-стаг вац.(С.Цугаев)
Д1абеша хьехамаш.
- Лексически маь1нех ца кхеташ дуй дешнаш?
- Шайн дешнашца схьабийца церан чулацам. К1оргера буй иза? Кхочуш балур буй и хьехамаш?
- Шаьш кегий хетий шуна царех кхета а,уьш кхочуш бан а?
- Билгалдешнаш дукхаллин терахье а х1иттош, схьайазде. Дийца, муха кхоллало церан дуккхаллин терахь.
VΙ. Урокан жам1 дар
- Тема ч1аг1йеш хаттарш ло.
- Комментировать йеш оценкаш д1ах1иттайо.
VII. Рефлекси
- Суна атта хеттарг…..
- Суна хала хеттарг….
- Суна хиира …….
VΙΙI. Ц1ахь бан болх
- Кхочушде 46-г1а шардар.
- 1амайе 7-г1а §.
6-г1а класс нохч мотт…
26. Урокан ц1е: Мухаллин билгалдешнийн даржаш.
1алашо: Мухаллин билгалдешнийн даржаш муха кхолладелла хаар, церан суффиксаш. Муха кхоллало т1ехдаларан дарж, и кхоллалуш г1оьналлин дешнаш: сов, т1ех, вуно, 1аламат, инзаре, уггаре а.
Урок д1айахьар
Ι. Урокан болх д1ах1оттор
ΙΙ. Ц1ахь бина болх таллар
- Дешархоша дуьйцу билгалдешнийн терахьашца хийцадаларх лаьцна.
- Доьшу ц1ахь кхочушдина 46-г1а шардар.
ΙΙΙ. 1амийнарг карладаккхар
1. Уьн т1ехь хьалххе кечйина йу схемаш. Цаьрга а хьожуш, предложенеш х1иттайе, уьш д1айазйе.
А: «М». |
«М!»-а. |
«М!»-а. |
«М»,-а. |
- Дуьйцу ма-дарра къамелехь дохкучу сацаран хьаьркех лаьцна.
2. Лаамазчу билгалдешнех кхолла лааменаш. Суффиксаш сизашца билгалйаха.
Хьаг1ан к1ур, хьавлин мах,ц1евнийн мог1а,к1езан г1овг1а,хьомсара накъост, боккха мохк.
- Терахьашца хийцалой уьш? Классашца хийцалой лааме билгалдешнаш? Даладе масалш.
IV. Дешнаш т1ехь болх
Дарж (даржан, даржана, даржо, д; дукх.т. даржаш, д) - х1уманан барам гойту. Билгалдешан дустаран даржаш хуьлу.
V. Керла коьчал йовзийтар
Уьна а, тетрадаш т1ехь а д1айазйо х1ара кеп:
Йухьанцара дарж |
Дустаран дарж |
Т1ехдаларан дарж |
Мухалла кхечу дешан мухаллех йусту. |
Х1уманан мухалла кхечу х1уманан мухаллех йусту |
Шина дашах лаьтта, х1уманан мухалла лакхайалар гойту. |
К1айн, дика, к1еда, оьзда, сийна, буьрса, оьг1азе |
К1айхо, дико, к1едо, сийно, оьздо, буьрсо, оьг1азо |
Сов к1айн,т1ех к1еда, 1аламат сийна,вуно буьрса,уггаре оьг1азе |
- Муха ду мухаллин билгалдешнийн даржаш?
- Ц1е йаккхал церан.
- Муха кхоллало уьш?
- Т1ехдаларан дарж маа дашах латта тарло? Жам1 до билгалдешнийн даржийн кхолладаларх лаьцна.
VI. 1амийнарг т1еч1аг1дар
1. Кхочушдо 50-51-г1ий шардарш.
VΙΙ. Дешархошка шайга болх байтар д1ахьо шина кепехь
Ι |
ΙΙ |
1. Кхочушдо 47-г1а шардар.
|
1. Кхочушдо 49-г1а шардар.
|
VΙ. Урокан жам1 дар
- Тема ч1аг1йеш хаттарш ло.
- Комментировать йеш оценкаш д1ах1иттайо.
VΙΙ. Ц1ахь бан болх
- Х1ора билгалдешан даржана даладе пхиппа масал.
- 1амайе 9-г1а §.
6-г1а класс нохч мотт…
27. Урокан ц1е: Билгалдешнийн легарш.
1алашо: Билгалдешнийн дожарийн чаккхенаш нийсайазйар, уьш муьлхарш йу хаар. Билгалйаха йеза лаамечу билгалдешнийн лач дожаршкахь йолу чаккхенаш.
Урок д1айахьар
Ι. Урокан кечам бар
ΙΙ. Хьалххе хаийтаран диктант
Цхьа исбаьхьа гора хьаннийн аьрцнаш . Мерзачу набарна йийшича санна хеталора цхьаццанхьа стиглахь гулйелла к1айн мархаш. Б1аьстенан т1аьххьара денош дара хазделла лаьттарш.
- Ишттачу цхьана дийнахь хьаьвда дан ж 1 олмаш йан воьдучу шен воккхачу вешина Салман гонаха хьаьвзира .
- 1усман, со а ваийтахь, ас г1о дийр ду хьуна…, - элира Салмана. (Д.Кагерманов.)
- Билгалдешнийн терахь, тайпа билгалдаккха.
- Мерзачу бохучу билгалдашах дустаран, т1ехдаларан даржаш кхолла.
- Исбаьхьа бохучу дашна синонимаш йалайе; к1айн, мерза бохучу дешнашна антонимаш йалайе.
ΙΙΙ. Хьалха 1амийнарг т1еч1аг1дар
1. Билгалдешнаш дустаран а, т1ехдаларан а даржашкахь д1айазде.
- Дийца,муха кхолладелла уьш.
1 аьржа буьйса, лекхачу дег 1 ахь, векъана стаг, йеха коч, жима йо 1, к 1 орга г 1 у, чехка ойла, хала болх, ондий кевнаш, чолхе зама , сирла б 1 аьргаш, кхоьллина де.
- Барта даха билгалдешнаш дукхаллин терахье. Муха кхоллало иза?
2. Буткъа, вуткъа, дуткъа, йуткъа, бохучу билгалдешнаша улло йазде цаьрца маь1ница дог1уш долу ц1ердешнаш.
- Лааме билгалдешнаш кхолла царех.
- Шинца х1оттайе предложенеш а, царна схемаш а.
ΙV. Керла коьчал йовзийтар
1. Легадо тешаме накъост, тешамениг боху лаамаза а, лааме а билгалдешнаш.
- Муьлха билгалдош дара хьалха легийнарг? Шолг1а?
- Муьлха билгалдешнаш чудог1у 1-чу легарна? Шолг1ачунна?
- Чаккхенаш сизашца билгалйаха, муха хуьлу уьш лаамазчу мухаллин билгалдешнийн? Лаамечеран?
2. Йоьшу 10-г1а§.
3. Жам1 до:
- Мухаллин лаамазчу билгалдешнийн (1 легар) лач дожаршкахь чу чаккхе хуьлу.
- Лааме билгалдешнаш (2легар) хийцало 4-чу легаран чудог1у ц1ердешнаш санна.
V. 1амийнарг т1еч1аг1дар
- Кхочушдо 55-г1а шардар.
- Кхочушдо 56-г1а шардар.
- 38-чу аг1он т1ехь долчу хаттаршна жоьпаш ло. Масалш даладе шардарш т1ера.
VΙ. Дозуш долу къамел кхиор
«Г1ИЛЛАКХИЙН ХАЗНА»
- Стагана вон болх хилча-халахетар, дика болх хилча-халахетар.
- Гиллакхан мах ахчанца хадалуш бац.
- К1оршаме стаг нахана везаш вац.
- Хазачу духарцатодина стеган куц, оьздангалла цуьнца йацахь, доьхна ду.
- Стаг вовза лаахь, цуьнан ойланийн к1оргенашка кхиа веза (С.Цугаев)
- Легаде билгалдаьхначу дешнийн цхьаьнакхетарш.
- Йийца церан легаран бакъонаш .Чаккхенаш сизашца билгалйаха.
- Схьайазйе антонимаш. Царех шинца барта х1иттайе предложенш.
- Билгалдешнийн терахьаш, тайпанаш, даржаш, легарш къастаде.
- Г1иллакхе, к1оршаме, хаза бохучу билгалдешнашна йалайе синонимаш.
VΙΙ. Ц1ахь бан болх
- 1амайе 10-г1а §.
- Кхочушде 59-г1а шардар.